Методические разработки к образовательной программе по учебным дисциплинам «Чеченский язык и литература»

Автор: Катаева Макка Ширвановна

Организация: МБОУ ''СОШ №3 с. Алхан - Кала им. Сатиной Е. П.''

Населенный пункт: с. Алхан - Кала

Автор: Шимаева Элиза Адамовна

Организация: МБОУ ''СОШ № 3 с. Алхан-Кала им. Сатиной Е. П.''

Населенный пункт: с. Алхан - Кала

Приложение № 1 к ООП ООО

[1] Данный вариант фонда оценочных средств является типовым для учителя-предметника, ежегодно на основании приказа директора школы в ООП ООО вносятся изменения в форме дополнения.

Карарий, юккъерий аттестаци кхочушъяран мах хадоран фонд

Хьалхарчу чийрикехь 8 классерчу дешархойн хаарш талларан коьчал.

Грамматически т1едилларца диктант.

Ирсе к1охцал

Цхьана хьуьнхахь ехаш-1аш яра зу. Цуьнан к1охцалех цхьаъ ирсе хилла, дикачу адамашна беркат дохьуш. Иза луларчу юьртарчу нахана хезна. Амма цхьанне а хууш ца хилла, ирсе к1охцал муьлханиг ду. Т1аккха уггаре а сутарчу стага аьлла: «Вай и зу схьалоцур ю. Цуьнан к1охцалш дерриш а схьа а даьхна, х1оранна цхьацца д1алур ду. Иштта а хуур ду ирсениг муьлха ду».

Цул т1аьхьа нах зу лаха бахана, цхьаъ воцург. «Садолу х1ума ен а йийна, даьккхина ирс суна ца оьшу», - аьлла, ц1ахь 1ийна иза.

Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йистхилла иза:

-Хьан догц1ена ойланаш а, хьанал дахар а девза суна. Сайн ирсе к1охцал ас хьун д1ало. Зуламечу нахана со карор яц, - аьлла, к1охцал д1а а делла, д1аяхна зу.

Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткъа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош)

Я. Акаева («Стела1ад», 2004 ш., №2)

 

Т1едахкарш:

1. 3-чу абзацера предложенеш (ерриге 3) синтаксически юьззина къастае.

2. Хьалхарчу предложенера дешнийн цхьаьнакхетарш схьаязде, церан уьйраш билгалъяха.

3. К1охцалгех –боху дош морфологически талла.

 

Шолг1ачу чийрикехь 8 классерчу дешархойн хаарш талларан коьчал.

Граматически т1едилларца диктант.

Акха стоьмаш

Хьалдолуш ду вайн махкахь 1алам. Гурахь а, 1ай а хьуьнахь д1ахедаш бац акха стоьмаш: элхьамчаш, 1ежаш, кхораш, хьаьрмакаш, хьаьмцаш, коканаш… 1аьнан хьалхара шелонаш хьакхаелча, гуттар а чам толо церан.

Хала ду адамна и ерриге а хазнаш схьагулъян. Схьахетарехь, иза дика а ду. Х1унда аьлча, олхазаршна а, акхарошна а ма оьшу царах цхьадолу дакъа 1аьнан а, б1аьстенан а муьрехь, шайн кхача бина, пайдаэца.

Къаьстина хьийкъина хуьлу муьргаш. Х1инца яа ч1ог1а пайдехь ю уьш, цундела хьуьнан олхазарш го церан дитташ т1ехь. Февраль баттахь а, б1аьстенан юьххьехь а дарбане бецаш а, орамаш а карор ду хьуьнхахь, лаха а хууш лехча, царна юкъахь: ч1имаш, боьш, муьжг, иштта кхийолу ораматаш а.

Х1ора синтаран, диттан, бецан хелиган шатайпа дахар ду, дикка ойла йича, вайн дахаран г1аролехь лаьтташ. Уьш ца хилча, вайн дахар деса хир дара. Исбаьхьа, дарбане, комаьрша бу вайн Даймохк. И беза а, лара а, ларбан а вайн декхар ду! ( 135 дош)

1. Сапарбиева(«Стела1ад», №2, 2003ш.)

Т1едахкарш:

1. Шелонаш - боху дош фонетически талла.

2. 2 предложени синтаксически талла.

3. Текста юкъара юкъадало дош схьаязде.

 

Кхоалг1ачу чийрикехь 8 классерчу дешархойн хаарш талларан коьчал.

Граматически т1едилларца диктант.

Б1аьвнийн махкахь

Бохь бохийна, цхьа г1ийла лаьтта Хаза-Кхаьллахь (Ч1аьнтахь) Жог1утан ворх1 к1ентан б1ов. Хетало, шен когашкахь 1уьллучу т1улге цо сатуьйсаш санна.

« Хьол жима хилла а йо1, цо и т1улг б1ов юттуш бохкучу вежаршний, дений т1ебохьуш», - дуьйцура Ч1аьнтарчу Батин Асхьаба.

«Жима хилла…» Тасало со т1улгах. Т1улг меттах а ца хьов…

«Х1етахь адамшкахь ницкъ алсам хилла, - велавелира Асхьаб, со к1елхьарайоккхуш санна. Жимма соцунг1а а хуьлий, дийца волало иза: - Жог1утан ворх1 к1ант, цхьа йо1 хилла. Жог1ута, шен к1ентий ондабевлча, цаьрца цхьаьна йоьттина и б1ов. Ворх1 вешин йишас, ша то а бина, кеч а бина и т1улг, т1ехь цхьацца забарш, шекар кагдечу морзахан сурт а дуьллуш. Б1ов юттучу вежаршний, дений т1е х1оттийна шури т1ехь динчу хударан текх дохьуш беана цо и.

Т1аккха цара цу т1улгаца ерзийна, бохуш, дуьйцу и б1ов. Иштта шех лаьцна дийца йиш йолуш ю вайн х1ора б1ов а, х1ора лаьтта т1улг а. Вайн декхар ду церан дола дар, царах лаьцна дерг лардар». (150 дош).

Б.Гайтукаева.

Т1едахкарш:

1. 1 предложени синтаксически талла.

2. Шолг1ачу предложенера юкъадало дош билгалдаккха.

3. Шолг1ачу абзацера предложени лач къамеле ерзае.

Доьалг1ачу чийрикехь 8 классерчу дешархойн хаарш талларан коьчал.

Граматически т1едилларца диктант.

Лаьмнашкахь

Со тхайн да 1ийначу юьрта яханера. Цигахь ч1ог1а хаза дара. Машенийн я лелхачу герзийн г1овг1а йоцуш, тийна дара юьртахь. Иштта тийналла суна цкъа а гина яцара.

Со инзаре цецъяьккхинера гинчу суьрто. Ирхдахана лекха дитташ. Дехьо юькъа хьун. Хьалахьажча, чаккхе йоцуш санна, лекха лаьмнаш. Цу т1алгаш юккъера, кхехкхаш санна, схьадолу шийла шовда. Хьежарх к1орда ца йора цуьнан сийналла. Чуяьлча а, даржа а ца даьржара шовда. Т1улгаш а, шен басах д1аэдина, ц1андинера цо. И хазалла дешнашца йийцалур яц.

Бердийн басешкахь уьдуш лелара 1ахарий. Царех самукъадаьлла, ехха хьоьжуш 1ийра со. Уьш ч1ог1а хаза ловзура, вовшашна т1аьхьа уьдуш, кортош а бетташ. Суна иштта хаза меттиг цкъа а ца гинера. Бакъду, буьйсанна дукха 1аьржа хуьлура. Лаьмнаш а, хьаннаш а ца гора. Дийнахь сайн самукъадаьккхина 1алам дайча санна хеталора суна.

(125 дош).

3. Балтукаева («Стела1ад, №3,2006 ш.)

 

Т1едахкарш:

1. Т1ера схьаязъе цкъа хьалха юкъара-юьхьан, т1аккха – ц1еран предложенеш.

2. Т1аьххьара предложени синтаксически юьззина къастае.

3. Хьалхарчу абзацера латтамаш схьаязбе, церан тайпанаш билгалдаха.


Приложения:
  1. file0.docx (19,5 КБ)
  2. file1.docx (19,5 КБ)
Опубликовано: 07.12.2024