Поурочное планирование по чеченскому языку

Автор: Солтаева Хава Ширваниевна

Организация: МБОУ «СОШ №3 с. Ножай-Юрт»

Населенный пункт: Чеченская Республика, с. Ножай-Юрт

6-г1а класс

Хьехархо: Солтаева Х.Ш.

Урокан ц1е: Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар.

Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза,билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу,

 массо а билгалдош хийцалой терахьашца, стенах доьзна ду и. Дешархой кхето беза, йукъаметтигаллин билгалдешнаш терахьехь. Ц1ердашца уьйр йолуш цахиларх.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) Даймахке болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

Урок д1айахьар.

Ι.Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар.

 Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар).

2.Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур

- Ц1ахь бина болх таллар?

- Стенах олу билгалдош?

- Муха хуьлу билгалдешнаш?

 Д1айазде лааме билгалдешнаш. Суффиксаш сизашца гайта:

 Халкъаниг, майраниг, цхьогалниг, осалниг, йуьзнарг, к1органиг, онданиг, к1езганиг, мерзаниг, гондархьаниг ,декъазниг, чехканиг, дераниг, селханлераниг, ломарниг ,к1айниг, т1ерг1аниг, хьомсарниг, оьзданиг.

Лаамза - шен лаамехь доцуш; оьрсийн маттахь - несамостоятельное. Лааме - шен лаамехь; оьрсийн маттахь - самостоятельное.

 

111. Керла коьчал йовзийтар.

 

ΙV. Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1айазйо х1ара кеп:

 

Билгалдешнаш

Х1ун гойту цара

Терахьашца хийцалой?

 1

 2

 3

Йоккха йурт

Йоккхалла, лаамаза,мухаллин билгалдош

Йаккхий йарташ

Жима йо1

Жималла гойту, мухаллин билгалдош

Кегий мехкарий

Деха дег1

Локхалла гойту мухаллин билгалдош

Деха дог1маш

Ломара хьаша

Йукъаметтигаллин билгалдош

 

Ломара хьеший.

Малхбузу ламаз

Йукъаметтигаллин билгалдош

Малхбузу ламазаш

Чехканиг, декъазниг, гергарниг, воккханиг

Лааме билгалдош

Чехканаш, декъазнаш, гергарнаш, баккхийнаш

 

- Стенга хьаьжжина хийцало билгалдешнаш терахьашца?

- Йоккхалий, жималлий, бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш муха хийцало терахьашца?

- Йукъаметтигаллин билгалдешнаш?

- Лааме билгалдешнаш деррриге а хийцалой терахьашца?

- Хьехархочун г1оьнца жам1 до билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 42-43-г1ий шардарш.

2.«Г1иллакхийн хазна» аьлла болх болор бу вай тахана, г1иллакхах лаьцна хьехамаш а, кицанаш а йаздеш:

1)Мархийн бутт базбеш, марханаш кхабар,нагахь шен марха дацахь, нахана йуккъехь бага х1ума ца 1иттар.

2)Воккханиг т1евог1уш кевне йа не1аре кхочуш велахь, жимчо воккханиг чувохуьйту.

3)Кхо стаг д1авоьдуш,воккханиг йуккъехь а волуш,цул жиманиг аьрру аг1ор а волуш,уггаре жиманиг аьтту аг1ор а волуш хуьлу.

4)Эрна дош цаалар, аьлла дош лардар.

5)Дина кост а, дина весет а д1аалар.

6)Хьайна хууш долу хаза г1иллакхаш нахана 1амор Далла хьалха деза ду.

7)Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг-стаг вац.(С.Цугаев)

Д1абеша хьехамаш.

-Лексически маь1нех ца кхеташ дуй дешнаш?

-Шайн дешнашца схьабийца церан чулацам. К1оргера буй иза? Кхочуш балур буй и хьехамаш?

-Шаьш кегий хетий шуна царех кхета а,уьш кхочуш бан а?

-Билгалдешнаш дукхаллин терахье а х1иттош, схьайазде. Дийца, муха кхоллало церан дуккхаллин терахь.

 

VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.

2.Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.

 V11. Рефлекси

Суна атта хеттарг…..

Суна хала хеттарг….

Суна хиира …….

VΙΙ1.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 46-г1а шардар.

2.1амайе 7-г1а §.

 

 

 

 

 

 

6-г1а класс нохч мотт…

 

26. Урокан ц1е: Мухаллин билгалдешнийн даржаш.

 

 1алашо: Мухаллин билгалдешнийн даржаш муха кхолладелла хаар, церан суффиксаш. Муха кхоллало т1ехдаларан дарж, и кхоллалуш г1оьналлин дешнаш: сов, т1ех, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а.

 

 Урок д1айахьар.

 

Ι. Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1. Дешархоша дуьйцу билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.

2. Доьшу ц1ахь кхочушдина 46-г1а шардар.

 

 

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина йу схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттайе, уьш д1айазйе.

А: «М» . «М!»-а.

«М!»-а. «М»,-а.

- Дуьйцу ма-дарра къамелехь дохкучу сацаран хьаьркех лаьцна.

2.Лаамазчу билгалдешнех кхолла лааменаш. Суффиксаш сизашца билгалйаха.

Хьаг1ан к1ур, хьавлин мах,ц1евнийн мог1а,к1езан г1овг1а,хьомсара накъост, боккха мохк.

-Терахьашца хийцалой уьш? Классашца хийцалой лааме билгалдешнаш? Даладе масалш.

IV. Дешнаш т1ехь болх

Дарж ( даржан, даржана, даржо, д; дукх.т. даржаш, д) – х1уманан барам гойту. Билгалдешан дустаран даржаш хуьлу.

 

V. Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1айазйо х1ара кеп:

 

Йухьанцара дарж.

Дустаран дарж

Т1ехдаларан дарж.

Мухалла кхечу дешан мухаллех йусту.

Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллех йусту

Шина дашах лаьтта,х1уманан мухалла лакхайалар гойту.

К1айн,дика, к1еда,оьзда,сийна,буьрса, оьг1азе.

К1айхо,дико,к1едо,сийно,оьздо, буьрсо, оьг1азо.

Сов к1айн,т1ех к1еда, 1аламат сийна,вуно буьрса,уггаре оьг1азе.

 

-Муха ду мухаллин билгалдешнийн даржаш?

-Ц1е йаккхал церан.

-Муха кхоллало уьш?

-Т1ехдаларан дарж маа дашах латта тарло? Жам1 до билгалдешнийн даржийн кхолладаларх лаьцна.

 

VI. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 50-51-г1ий шардарш.

 

VΙΙ. Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:

 

                        Ι

ΙΙ

1.Кхочушдо 47-г1а шардар.

2.Кхочушдо 52-г1а шардар.

3.52-чу шардар т1ера 3-чу предложенина бе синтаксически къастам.

4.Вог1ург бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам.

 

1.Кхочушдо 49-г1а шардар.

2.Кхочушдо 53-г1а шардар.

3.Дешх1оттаман къастам бе къинхетам , аьхкенан бохучу дешнашна.

4. Буьйса бохучу дашна бе фонетически къастам.

 

VΙ.Урокан жам1 дар.

 

1.Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.

2. Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ. Ц1ахь бан болх.

 

1.Х1ора билгалдешан даржана даладе пхиппа масал.

2.1амайе 9-г1а §.

 

 

6-г1а класс нохч мотт…

 

27. Урокан ц1е: Билгалдешнийн легарш.

1алашо:. Билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийсайазйар, уьш муьлхарш йу хаар. Билгалйаха йеза лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш.

 Урок д1айахьар.

Ι. Урокан кечам бар.

ΙΙ. Хьалххе хаийтаран диктант.

 Цхьа исбаьхьа гора хьаннийн аьрцнаш. Мерзачу набарна йийшича санна хеталора цхьаццанхьа стиглахь гулйелла к1айн мархаш. Б1аьстенан т1аьххьара денош дара хазделла лаьттарш.

 -Ишттачу цхьана дийнахь хьаьвда дан ж1олмаш йан воьдучу шен воккхачу вешина Салман гонаха хьаьвзира.

 -1усман, со а ваийтахь, ас г1о дийр ду хьуна…,-элира Салмана.(Д.Кагерманов.)

-Билгалдешнийн терахь, тайпа билгалдаккха.

- Мерзачу бохучу билгалдашах дустаран, т1ехдаларан даржаш кхолла.

- Исбаьхьа бохучу дашна синонимаш йалайе; к1айн, мерза бохучу дешнашна антонимаш йалайе.

ΙΙΙ. Хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашкахь д1айазде.

- Дийца,муха кхолладелла уьш.

 1аьржа буьйса, лекхачу дег1ахь, векъана стаг, йеха коч,жима йо1, к1орга г1у, чехка ойла, хала болх, ондий кевнаш, чолхе зама, сирла б1аьргаш, кхоьллина де.

- Барта даха билгалдешнаш дукхаллин терахье. Муха кхоллало иза?

2. Буткъа, вуткъа, дуткъа, йуткъа, бохучу билгалдешнаша улло йазде цаьрца маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш.

- Лааме билгалдешнаш кхолла царех.

- Шинца х1оттайе предложенеш а, царна схемаш а.

ΙV. Керла коьчал йовзийтар.

1. Легадо тешаме накъост, тешамениг боху лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.

- Муьлха билгалдош дара хьалха легийнарг? Шолг1а?

- Муьлха билгалдешнаш чудог1у 1-чу легарна? Шолг1ачунна?

- Чаккхенаш сизашца билгалйаха, муха хуьлу уьш лаамазчу мухаллин билгалдешнийн? Лаамечеран?

2. Йоьшу 10-г1а§.

3. Жам1 до:1)Мухаллин лаамазчу билгалдешнийн (1 легар) лач дожаршкахь чу чаккхе хуьлу.

2) Лааме билгалдешнаш (2легар) хийцало 4-чу легаран чудог1у ц1ердешнаш санна.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Кхочушдо 55-г1а шардар.

2. Кхочушдо 56-г1а шардар.

3. 38-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш ло. Масалш даладе шардарш т1ера.

VΙ. Дозуш долу къамел кхиор.

 «Г1ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА»

1) Стагана вон болх хилча-халахетар, дика болх хилча-халахетар.

2) Гиллакхан мах ахчанца хадалуш бац.

3) К1оршаме стаг нахана везаш вац.

4) Хазачу духарцатодина стеган куц, оьздангалла цуьнца йацахь, доьхна ду.

5) Стаг вовза лаахь, цуьнан ойланийн к1оргенашка кхиа веза (С.Цугаев)

- Легаде билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетарш.

- Йийца церан легаран бакъонаш .Чаккхенаш сизашца билгалйаха.

- Схьайазйе антонимаш. Царех шинца барта х1иттайе предложенш.

- Билгалдешнийн терахьаш, тайпанаш, даржаш, легарш къастаде.

- Г1иллакхе, к1оршаме, хаза бохучу билгалдешнашна йалайе синонимаш.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амайе 10-г1а §.

2.Кхочушде 59-г1а шардар.

 

 

6-г1а класс нохч мотт…

28. Урокан ц1е: Билгалдешнийн легарш т1еч1аг1дар.

Урокан 1алашо: кхеторан: билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийсайазйар, уьш муьлханаш йу хаар; билгалйаха йеза лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш.

 

Урокан некъ

 

  1. Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар).

Цкъа хьалха вай карладоккхур ду билгалдош.

Ас хаттарлур ду,ткъа шу жоп дала кечло.

Х1уманан билгало гойту

Къамелан дакъа ду со.

Муха йу? Йа хьенан? Стенан?

Хаттаршна аса жоьпаш ло.

Нийса боху: билгалдош ду.

 

Аьхкено кхелина дитташ

Сийначу духарха дохуш,

Мох хьоькху, йуткъа шок йетташ,

1аьнна аш кечам бе бохуш. (Айдамиров А.)

 

  1. Ц1ера болх талларца хаарийн актуализаци йар.

Билгалдешнийн легарш церан форманашкий,тайпанашкий хьаьжжина къастош ду. 1. Вайн маттахь билгалдешнийн маса легар ду? (ши легар ду: хьалхарий, шолг1ий).

2. Хьалхарчу легарна чудог1у билгалдешнаш муьлхарш ду?(Лач дожаршкахь –чу – чаккхе йолуш, цхьанакепара хийцалуш долу лаамаза билгалдешнаш хьалхарчу легарна чу дог1у.

Масала: масалш берашка даладойту (лекха керт, йоккха йо1, жима к1ант, юккъера кор, таханлера де).

3. Муха ду хьалхарчу легаран билгалдешнаш? (Хьалхарчу легаран билгалдешнаш лаамаза а, мухаллин а, меттиган, хенан, йукъаметтигаллин а ду).

Масала: масалш берашка даладойту. (шийла шовда, йистера кор, стохкалера шо).

4. Шолг1ачу легарна чудог1у билгалдешнаш муьлхарш ду?(лааме билгалдешна ду).

5. Муха хуьлу лаамечу билгалдешнийн х1ора лач дожарехь чакхенаш? ( церан х1ора лач дожарехь шен-шен чаккхе хуьлу.

6. Муха хийцало лааме билгалдешнаш дожаршца? (Уьш дожаршца хийцало 4-чу легар чу дог1у ц1ердешнаш санна).

III. Керла коьчал йовзийтар.

 

  1. Легадо:

Ц1. хаза 1алам    дика к1ант          ломара зезаг

 Дл. хазачу 1аламан дикачу к1ентан ломарчу зезаган

Л. хазачу 1аламна дикачу к1антана ломарчу зезагна

Др. хазачу 1аламо дикачу к1анта ломарчу зезаго

К. хазачу 1аламца дикачу к1антаца ломарчу зезагца

X. хазачу 1аламах дикачу к1антах ломарчу зезагах

М. хазачу 1аламе                         дикачу к1анте      ломарчу зезаге

Дс. хазачу 1аламал дикачу к1антал ломарчу зезагал

 

  1. Лааме билгалдешнаш легаде дожаршца: хазаниг, диканиг, оьзданиг.
  2. Х1ун башхалла го шуна шина а кепара билгалдешнийн легорехь?
  3. Керла коьчал йовзарехь 1амийнарг бакъонца т1еч1аг1до: дешар­хошка § 10 йоьшуьйту.
  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Ткъа х1инца 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, лааме а лаамаза билгалдешнаш къастош текстаца болх бийр бу вай.

 Тхан йуьртахь шен г1иллакх лардарца, оьздангаллица вевзина цхьа жима къонах 1усман.

 Цо ч1ог1а сий дора воккхачун.

 Воккхачуьнга а, жимачуьнга а дика ладуг1уш а, церан терго йеш а хуьлура иза.

 Баккхийчеран сий дар а, тергойар а кхочуш ца дича, йишйоцу г1уллакх лорура 1усмана.

 

- Схьайазде лаамаза а, лааме а билгалдешнаш.

жима къонах— лаамаза билгалдош

воккхачун, воккхачуьнга, жимачуьнга, баккхийчеран - лааме билгалдешнаш

 

  1. Кхочушде № 57-г1а шардар (тобанашца). Талла вовшийн болх.
  • Дийца, муха ду 4чу легар чу дог1учу ц1ердешнийн, лаамечу бил­галдешнийн дожаршца хийцадалар?
  1. Дас-нанас аьлларг деш волчу дикчу к1анта кху балех хьалха дохур ду - предложении маь1на даста 4-5 предложеница.

 

  1. Ц1ахь: § 10, 58-г1а шардар.

 

 

 

 

6 -г1а класс нохч мотт...

 

29. Урокан ц1е: Билгалдешнийн кхолладалар.

Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза, муха кхоллало билгалдешнаш; маса некъ бу уьш кхолладаларан; муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) 1аламе болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

 Урок д1айахьар.

 

Ι. Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар. Маршалла хаттар.

Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар) Айхьа хьалхара элп олуш, дешархошка

 дешнаш даладайтар).

2. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур

Сан хьоме дешархо, хьо оьзда хилалахь,

Оьздачун сий дайна дац хьуна цкъа а.

Воккханиг ларалахь, сий делахь жимачун,

Дикачу г1уллакхна хилалахь т1ера.

Байта йукъара хъоме дешархо, дикачу г1уллакхна, воккханиг, оьзданиг, жиманиг билгалдешнаш барта легаде; легарш билгалдаха.

Дешархо, оьзданиг - дешнийн х1оттам билгалбе.

- Стенах олу билгалдош?

- Маца тайпа ду билгалдешан? (Даладе масалш)

- Мухаллин билгалдешан муьлха билгалонаш йу? (цара бос, чам, барам билгалбо)

- Йукъаметтигаллин билгалдешан муьлха билгалонаш йу? (хан, меттиг, доларниг билгалйо)

-Билгалдешан маца дарж ду? Даладе масалш.

- Муха хуьлу билгалдешнаш? ( Лааме а, лааамаза а)

- Лаамаза билгалдешнаш муьлхачу легарна чудог1у? (1-ра)

- Лааме билгалдешнаш муьлхачу легарна чудог1у? (2-г1а)

 Дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх байтар.

 

 1 –ра кехат

1. Дийца билгалдешан классашца хийцадаларх лаций.

2. Легаде болатан эчиг, кхоран синтар, букара сиз боху дешнийн цхьаьнакхетарш, букарниг-лааме билгалдош.Чаккхенаш сизашца билгалйаха,церан нийсайазйаран бакъонаш йийца.

3. Масех г1иллакхе хьехам д1айазбе.

2-г1а кехат

1. Дийца мухаллин билгалдешнийн даржаш. Даладе масалш.

2. Бекъана, декъана , йекъана, векъана бохучу билгалдешнашна уллохь йазде цаьрца дог1у ц1ердош. Лааме билгалдешнаш кхолла царех , шиъ легаде.Чаккхенаш билгалйаха.

3-г1а кехат

1. Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсайазйар.

 

2. Билгалдешнийн тайпа,терахь, класс, дарж, дожар, легар билгалдаккха:

1алавдин говзалла, даккхийчу лаьмнийн , нохчийн лаьттан маь1данашна, Орган тулг1енех, цхьогалан к1орнешца.

 

ΙΙΙ. Кхеторан диктант.

 

Сай, бодий къастале Мелимата Деле шен доьзалан некъ дика хилийтар доьхуш ламазана кечамаш беш тассий, г1уммаг1ий хьадина, самабаьккхира ховхачу набарха боьлла доьзал. Мелимата дешначу айатан вахана шайн говраш а,стерчий а 1алашдеш хьаьвзира 1аба.(Ш.Окуев)

- Билгалдаха билгалдешнйн дожарш,йийца церан чаккхенаш нийсайазйаран бакъонаш.

-Предложенийн цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха, дийца царна йехкинчу сацаран хьаьркех лаций.

- Антонимаш билгалйаха

- Дешнаш бохучу ц1ердашна бе морфологически къастам.

 

ΙV. Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1айазйо х1ара кеп:

 

 Билгалдешнийн кхолладаларан некъаш:

Суффиксийн г1оьнца кхоллало:

Масалш:

1-ра

-ан,-нан,-анан,-ран,-ман.

Не1аран т1ам, кучан нуьйда, к1айн к1ади, дог1анан т1адамаш.

2-г1а

-ар,-ер.

Г1алара совг1ат,1умарера кехат.

3-г1а

-за,-аз

Оьг1аза,дегаза,сийсаза,эвхьаза.

-Ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1нехь лелий? Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш? И муьлха некъ бу?

-Ц1ердешнех кхоллалой билгалдешнаш? Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Иза муьлха некъ бу?

-Муха кхоллало дацаран маь1нехь долу билгалдешнаш? Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Цунах муьлха некъ олу?

-Жам1 до,билгалдешнийн кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 61-г1а шардар.

2.Учебникан дошам т1ера схьайазде билгалдешнаш; дийца, уьш муха кхолладелла (доланиг дожарехь ц1ердешнашна уллохь йаздан мегар цу ц1ердешнаш).

Кеп: башламан бохь, басе, болатан диг, мангал.

VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.

2. Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.

 V11. Рефлекси

Суна атта хеттарг….. Суна хала хеттарг…. Суна хиира …….

VΙΙ1.Ц1ахь бан болх.

1. Кхочушде 64-г1а шардар. 2. 1амайе 11-г1а §.

 

 

6 -г1а класс нохч мотт...

 

30. Урокан ц1е: Билгалдешнийн кхолладалар т1еч1аг1дар.

 Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза, муха кхоллало билгалдешнаш; маса некъ бу уьш кхолладаларан; муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш т1еч1аг1дар.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) Дешаре болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

 Урок д1айахьар.

 

Ι. Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар. Маршалла хаттар.

Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар) Айхьа хьалхара элп олуш, дешархошка

 дешнаш даладайтар).

2. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур

- Маца тайпа ду билгалдешан? (Даладе масалш)

- Мухаллин билгалдешан муьлха билгалонаш йу? (цара бос, чам, барам билгалбо)

- Йукъаметтигаллин билгалдешан муьлха билгалонаш йу? (хан, меттиг, доларниг билгалйо)

-Билгалдешан маца дарж ду? Даладе масалш.

- Муха хуьлу билгалдешнаш? ( Лааме а, лааамаза а)

 Лаамаза билгалдешнаш муьлхачу легарна чудог1у? (1-ра)

- Лааме билгалдешнаш муьлхачу легарна чудог1у? (2-г1а)

 Дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх байтар.

 

ΙV.1амийнарг карладаккхар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1айазйо

  1. Легадо:

Ц1. к1айн дари    оьзда к1ант        шийла шовда

Дл. к1айчу дарин оьздачу к1ентан шийлачу шовданан

Л. к1айчу дарина оьздачу к1антана шийлачу шовдана     

Др. к1айчу дарино оьздачу к1анта шийлачу шовдано    

К. к1айчу дарица оьздачу к1антаца шийлачу шовданца

X. к1айчу дарих оьздачу к1антах шийлачу шовданах

М. к1айчу дарига оьздачу к1анте шийлачу шовдане

Дс. к1айчу дарел оьздачу к1антал шийлачу шовданал

 Лааме билгалдешнаш легаде дожаршца: к1айниг, оьзданиг, шийланиг.

 

- Ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1нехь лелий? Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш? И муьлха некъ бу?

- Ц1ердешнех кхоллалой билгалдешнаш? Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Иза муьлха некъ бу?

- Муха кхоллало дацаран маь1нехь долу билгалдешнаш? Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Цунах муьлха некъ олу?

- Жам1 до, билгалдешнийн кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.

 

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1. Кхочушдо 60-г1а шардар.

2. Кхочушде 62-г1а шардар.

 

VΙ. Урокан жам1 дар.

1. Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.

2. Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.

 

 V11. Рефлекси

Суна атта хеттарг….. Суна хала хеттарг…. Суна хиира …….

 

VΙΙ1. Ц1ахь бан болх.

1. Кхочушде 63-г1а шардар.

2. 1амайе 11 -г1а §.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

6-г1а класс нохч мотт…

 

31. Урокан ц1е: Билгалдашах 1амийнарг карладаккхар.

 

1алашо: Билгалдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар, и йукъахь долуш предложенеш х1итто хаар. Билгалдашо предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх. Билгалдешан терахь, классан гайтам, цуьнан даржаш.

 

 

 Урок д1айахьар.

 

  1. Дешархошка болх бойту уьн т1ехь т1едилларан кехаташца.

 

 1-ра кехат

 

1. Билгалдош, цуьнан маь1на, морфологически билгалонаш.

 

2. Легаде акха цициг, гергарниг.

3. Морфологически къастам бе: Мерзо чам болуш ду тхан бешара 1ежаш.

 

 

 2-г1а кехат

1. Билгалдешнийн даржаш.

2. Легаде телевизионни хаам, телевизионниниг.

  1. Сиха говр, говза пхьар боху билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашка х1иттаде.

 

 

 3-г1а кехат

1. Билгалдешнийн даржаш.

2. Легаде къона беш, къонаниг

3. Морфологически къастам бе: Бецан орамаш а, йалта а дуу к1айчу пхьагало.

 

ΙΙ. 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар

  1. Дешархоша кхочушдо 57-г1а шардар.
  2. Сирла, воккха, дика, хаза, атта, парг1ат боху билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашка х1иттаде.
  3. Легаде бабиниг, бабин пух1анан бой, ламанан леча, йуьртара майда, йуьртарниг боху дешнийн цхьаьнакхетарш.
  4. Оьг1аза, дегаза, сийсаза, эвхьаза боху билгалдешнаш йукъахь долуш, дешнийн цхьаьнакхетарш х1иттаде, т1аккха уьш йукъахь долуш предложенеш йазйе.

- Муха кхолладелла и билгалдешнаш?

III. Дешархошка шайга болх байтар

 1-ра кеп

  1. Кхочушде 54-г1а шардар
  2. Легаде таьллийн орамаш, таьллийниг.
  3. К1едачу куьйгаца хьаьстира цо буобер.

Билгалдаьккхинчу билгалдашна бе морфологически къастам.

 2-г1а кеп

  1. 54-г1а шардарера шийла, стомма, ч1ог1а, лекха билгалдешнаш йукъа а далош предложенеш х1иттайе
  2. Легаде баьллийн мутт, баьллийниг.
  3. Белхалой бовхачу кхачанах кхетаза дукха хан йара.

Билгалдаьккхинчу билгалдашна бе морфологически къастам.

 

(Билгалдош морфологически къасторан кеп)

 

  1. Йуьхьанцара кеп: Муха?-бовха
  2. Тайпа-мухаллин
  3. Терахь- цхьаллин
  4. Дарж-йуьхьанцара
  5. Дожар – хотталург
  6. Легар – хьалхара
  7. Лаамаза

 

IV. Хьалххе хаийтаран диктант

 Къеггина кхеттачу малхо серлайаьккхина 1уьллура йерриге а к1ошт. Кху ломан басера охьахьаьжча, шерра къаьстара дукхахйолу йарташ. Нихалахь дара Ибрах1иман ден-ненан ц1а а. Кхузара охьахьаьжча гора к1антана баьццарчу стоьмийн дитташна йукъахь шайн кибарчигийн тхов. (С-Хь. Нунуев)

 

- Оьшучу интонацица д1айеша роман т1ера кийсак.

- Исбаьхьаллин сурт х1оттош мел г1о дина аьлла хета шуна билгалдешнаша?

 Даладел масалш.

- Билгалдаха билгалдешнаш, схьайазде уьш дозуш долчу ц1ердешнашца.

- Морфологически къастам бе билгалдаьккхинчу билгалдашна.

 

V. Фронтальни хаттарш.

- Билгалдашо х1ун гойту?

- Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

- Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

- Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш? Лааменаш?

- Маса дарж ду билгалдешнийн?

- Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш

- Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш муха лела?

- Дожаршца хийцалой лааме билгалдешнш?

 

V.Урокан жам1 дар.

1. Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун йу?

2. Комментировать йеш оценкаш ду.

 

VΙ. Ц1ахь бан болх.

1.Карлайаха 8-10-г1ий бакъонаш.

2. Шаьш дага а лаций легаде шиъ лааме, шиъ лаамаза билгалдешнаш.

 

 

 

 

6 -г1а класс нохч мотт...

 

32. Урокан ц1е: Т1еэцна билгалдешнаш нийсайаздар..

Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза, муьлхачех олу т1еэцна билгалдешнаш,

 Церан нийсайазйаран бакъонаш.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) 1аламе болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

 Урок д1айахьар.

 

Ι. Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар. Маршалла хаттар.

Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар) Айхьа хьалхара элп олуш,

дешархошка дешнаш даладайтар).

 

11. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур

 

ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

 Йаккхий хьаннашна,Малхбузе Европехь, Йуккъерчу Азехь, Кавказан курорташ, шуьйра хи, къаьхкинчу говро, коган айраш, дуткъачу орамел, дог1анан хиш, 1аламан хьелашка,Къилбехьарчу махкел, к1езигчу ханна, нехан даьхнех, хьуьнан стоьмашца, чен к1орнеш, чен даарна, нелан к1омсарех, кехатан батто, сирлачу батто.

- Билгалдешнийн терахь, тайпа, дожар, класс, легар билгалдаккха.

- Лаамазачу билгалдешнех лааменаш кхолла. Царех масех легаде. Чаккхенаш сизашца билгалйаха.

- Легаде ор, тата, кхерам, ваша, ненахо боху дешнаш.

Билгалйаха церан чаккхенаш, дийца легарш.

- Предложенехь бен къасталур доцуш дешнаш дуй дешнийн диктантехь? Муьлхарш? Х1иттайе цаьрца предложенеш. Бе царна синтаксически къастам.

- Шина-кхаа дешнийн цхьаьнакхетаршна бе таллам.

 

 муьлхачу?

Кеп: йаккхийчу хьаннашна

 

       
 
   
 

 

 билгалдош ц1ердош

 

- Фонетически къастам бе йаккхийчу бохучу дашна.

 

ΙV. Керла коьчал йовзийтар

Инновационный проект - инновационни проект,

технологическая карта - технологически карта,

элетрическая лампа - электрически лампа,

географические карты - географически картанаш.

Аша тидам бинехь, гуш ду, оьрсийн маттахь чаккхенгахь -ый (-ий), -ая (-яя), -ое(-ее), -ие долу билгалдешнаш нохчийн матге доьрзуш це­ран чаккхенгахь -и- йаздеш хилар.

Т1еэцначу билгалдешнийн суффиксаш йу -ни, -ски, -чески. '

Т1еэцна билгалдешнаш а хуьлу лааме а, лаамаза а.

Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш дожаршца хийцалуш дац, ткъа цаьрца уьйр йолу ц1ердешнаш хийцало.

Масала: аграрни хьесап, аграрни хьесапах, аграрни хьесапца.

Т1еэцна лааме билгалдешнаш хийцало дожаршца.

Масала: альпийскичун, альпийскичунна, альпийскичо.

V.1амийнарг карладаккхар.

Кхочушдо шардар. Билгалдаха т1еэцна билгалдешнаш

 

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Ц1. инновационни проект

Дл. инновационни проектан

JI. инновационни проектана

Др. инновационни проекте

К. инновационни проектаца

X. инновационни проектах

М. инновационни проекте

Дс. инновационни проектал.

 

Т1еэцна лааме билгалдешнаш дожаршца хийцало.

 

Ц1. гимназиниг

Дл. гимназичун

JI. гимназичунна

Др. гимназичо

К. гимназичуьнца

X. гимназичух

М. гимназичуънга

Дс. гимназичул

 

V1Ι.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.

2. Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.

 

 V111. Рефлекси

 Суна атта хеттарг…..

 Суна хала хеттарг….

 Суна хиира …….

 

1Х. Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 67 -г1а шардар.

2.1амайе 12-г1а §.

 

 

 

6-г1а класс нохч мотт…

 

33. Урокан ц1е: Изложени «Доьзал дика-беркат дукха»

Урокан 1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.Предложенеш нийса х1итто, йазйан 1амор. Къамелан дакъош предложенешна нийса йукъадалор шардар.

Урок д1айахьар.

  1. Текст йоьшу.

 

 1уьйранна н1аьнеш кхойкху хан хилале г1еттина хьийзаш йара нана. Дукха тишйаларна, зарзйелла йолу басмин мокха коч, 1аьржа шолан йовлакх, тиша ши пошмакх йуьйхина « кечйеллера» иза. И йовлакх цо лело х1ара ткъех шо дара, кхин духар цунна т1ехь ца гинера йа цуьнан и дан а дацара.

 Меллаша д1атеттира цо тишачу ц1ийнан не1, йижина нус самайаларна кхоьруш, йехха лаьттира иза к1ентан кора к1елахь, вижинчуьра иза самаваккха ца х1уттуш.

 Цхьана кертахь дара к1ентан, ненан ц1енош. Нана чохь 1ачарех тера-м дацара Хьасанан ц1енош. Йеттинчу кибарчигех, вуно куьцехь т1ек1ел йина х1усамаш йара уьш. Ткъа нана чохь йерг цхьа тиша лаппаг1а йара, хьалха, халчу хенахь, кхуо шен ц1ийндеца йина. Керлачу ц1енош чу велира Хьасан, шен къена нана а йитина. Нене цхьа дош ца элира цо. Ша йисча, худайелла, лазаро лаьцна, д1айелира Хьулимат. Т1ехь да а воцуш, оццул хала кхиийначу к1анта динарг лалун х1ума дацара. Ненаца цхьаьна кертахь-м ву х1ара…

 -Хьасан,- г1ийла мохь а тухуш, корах байн п1елг туьйхира йоккхачу стага.

 Не1 йоьллуш а хезна, не1аре хьаьдира иза.

 -Хьасан! Къинт1ера валалахь суна. Тахана кха т1е картолаш схьайаха йоьдуш йу со. Хьо балхара ц1а веъча суна т1аьхьа вог1ур вуй хьо?

 -Ца веъча волий со? Цкъа а дера ца вуьту ахь со сайн накъосташца охьахаа,- нанна реза вацара к1ант.

 (Ваха везачу хенахь нанна т1аьхьа ца вахара Хьасан.

 Иза шен хьешашца самукъадоккхуш вара.)

 Шу муха ду шайн деций-ненаций?

 

Гергара план:

  1. Маца хьалаг1еттина нана картолаш схьайаха йаха?
  2. Муха ду цуьнан духар?
  3. Иза чохь 1ен ц1енош дика дуй? Ткъа к1ентанаш?
  4. Нана цомгаш х1унда хилла?.
  5. К1антана хьастайалар.
  6. Шу муха ду шайн деций-ненаций?

 

Ц1ахь: кечам бар

 

 

6 -г1а класс нохч мотт...

 

34-35. Урокан ц1е: Билгалдош грамматически къастор.

Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза, билгалдош морфологически къастор бохург х1ун ду. Иза къасторан кеп х1отто хаар, оцу кепаца билгалдош морфологически къасто 1амар. Т1еэцна билгалдешнаш нийсайаздан хаар.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) 1аламе болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

 Урок д1айахьар.

Ι.Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар. Маршалла хаттар.

Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар) Айхьа хьалхара элп олуш,

дешархошка дешнаш даладайтар).

II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур

 1амийнарг карладаккхар

 Фронтальни хеттарш:

 - Х1ун гойту билгалдашо?

 - Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

 - Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

 - Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш? Лаамениш?

 - Маса дарж ду билгалдешнийн? Дийца царех лаций.

 - Билгалдаха цуьнан легарш.

 - Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш? Церан нийсайаздаран бакъонаш хаьий хьуна? Даладе масалш.

 III. Дешархошка шайга болх бойту шина кепехь.

Х1окху мог1анашкара д1адаха ца оьшу дешнаш:

 I                                                           II

  1. Хьехархо, вахархо, 1алам, б1аьсте, 1а,

дешархо, йаздо.               гуьйре, г1аш.

  1. Ахьмад, Къуддуз,  Кхор, хьач, 1аж,

Ибрах1им, Турпал.          балл, синтар.

  1. Тешаме, к1оршаме, Гимнастически, физически,

аьрха, стохкалера.           математически, пелхьонийн.

  1. Лард, чаккхе, орам,        Аз, элп, абат, дешдакьа,

дешхьалхе, га.                  байт.

 

 - Морфологино х1ун 1амадо?

Къамелан дакьош, церан грамматически билгалонаш 1амош долу

меттан 1илманан дакьа ду морфологи.

Муьлхха а къамелан дакьа морфологически къастош билгалйаха

йеза цуьнан коьрта билгалонаш.

III. 1амийнарг карладаккхар.

Уьн т1ехь схьагойту билгалдош морфологически къасторан кеп. Болх бо предложени т1ехь долчу билгалдешнашца:

1.Т1аххьара а Сулиманан б1аьрг кхийтира т1орказна йуххерчу г1анта т1ехь 1уьллучу Асмартан тишчу кучах йинчу тайнигах.

 IV. Билгалдош морфологически къасторан кеп.

 Цкъа хьалха предложенин йукъара схьайаздо йукъахь толлуш билгалдош долу дешнийн цхьаьнакхетар.

 Цул т1аьхьа къастайо цуьнан грамматически билгалонаш а, синтаксически г1уллакх а:

 

  1. Тишчу - билгалдош,
  2. Йуьхьанцара кеп - тиша,
  3. Тайпа - мухаллин,
  4. Терахь-цхьаллин,
  5. Дарж - йуьхьанцара,
  6. Дожар – хотталург,
  7. Легар – хьалхара,
  8. Лааме йа лаамза - лаамза,
  9. Классни гайтам й

 9. Синтаксически г1уллакх - къастам.

 Нехан динара хотталахь вуссу.

  1. Нехан - билгалдош,
  2. Йуьхьанцара кеп - стаг,
  3. Тайпа - йукъаметтигаллин (долаллин),
  4. Дожар - доланиг,
  5. Терахь - дукхаллин,
  6. Лааме йа лаамза - лааме,
  7. Классан гайтам - (в),
  8. Лач кхачам.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Кхочушде 69-г1а шардар.

2. Легаде билгалдешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а: лекха к1ант, можа малх, дашо гуьйре.

VI. Харжаман диктант

 Самукъане стаг хиллера Абу1ела. Иза хаалора къоначу шина хьешана, и вевзина сахьт хан йоццушехь. Цуьнан къийлацаваларехь, эвхьаза леларх хаалора иза догц1ена, комаьрша а стаг хилар. Хетарехь, Зебирт йара дика, оьзда, комаьрша стаг. (С-ХЬ.Нунуев)

- Мрфологически къастам бе билгалдешнашна.

VII. Урокан жам1 дар.

1. Вай тахана 1амийначу коьчалан ц1е х1ун йу?

 Билгалдош стенах олу?

2. Комментировать йеш оценкаш ду.

V1II.Рефлекси

IX.Ц1ахь бан болх.

1.1амайе 13-г1а§.

2. Кхочушде 72-г1а шардар кхочушде, байт дагахь 1амайе.

 

 

6 -г1а класс нохч мотт...

 

35. Урокан ц1е: Билгалдош грамматически къастор. Т1еч1аг1дар.

Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза, билгалдош морфологически къастор бохург х1ун ду. Иза къасторан кеп х1отто хаар, оцу кепаца билгалдош морфологически къасто 1амар. Т1еэцна билгалдешнаш нийсайаздан хаар.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) 1аламе болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

 Урок д1айахьар.

Ι.Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар. Маршалла хаттар.

Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар) Айхьа хьалхара элп олуш,

дешархошка дешнаш даладайтар).

II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур

 1амийнарг карладаккхар

 Фронтальни хеттарш:

 - Х1ун гойту билгалдашо?

 - Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

 - Дийца билгалдешнийн тайпанаш.

 - Муха хийцало лаамаза билгалдешнаш? Лаамениш?

 - Маса дарж ду билгалдешнийн? Дийца царех лаций.

 - Билгалдаха цуьнан легарш.

 - Муха хийцало т1еэцна билгалдешнаш? Церан нийсайаздаран бакъонаш хаьий хьуна? Даладе масалш.

 

  1. Дешархошка шайга болх бойту шина кепехь.

 

 1-ра кеп 2-г1а кеп

1. Кхочушде 70-г1а шардар. 1. Кхочушде 73-г1а шардар.

2. Кхочушде 71-ра шардар 2. Кхочушде 71-ра шардар.

( хьалхара 5 предложени) (т1аьххьара 4 предложени).

3. Дукхаллин терахьехь д1айазде: 3. Дукхаллин терахьехь д1а-

к1айн эчиг, к1он хох, сен ц1ока, йазде: байн г1айба, йайн месаш,

т1айн берам, хин к1удал, ц1ен коч, вон ж1аьла, йен ц1узам, маршо-

элан ц1енош. нан барт, дуьненан бала.

4. Д1айазйе нохчийн г1иллакхах лаьц- 4. Д1айазйе нохчийн маттах лаьц-

на ши предложени. на ши предложени.

 

 

5. Бе синтаксически къастам.

 

 Леча лахарчу аренашкахь а, Мелачу хин тулг1енаша башабо-

хьаннашкахь а хуьлуш ду. ра к1айн боккха т1улг.

-Билгалдаьккхинчу билгалдашна - Билгалдаьккхинчу билгалдашна

бе морфологически къастам. бе морфологически къастам.

6. Д1айазде бохучу дашна бе фоне- 6. Д1айеша бохучу дашна бе фо-

тически къастам. нетически къастам.

 

  1. Урокан жам1 дар.
  2. Ц1ахь: Легаде: къорза куз, лайн чимаш, сирланиг, хазаниг.

 

 

6-г1а класс нохч мотт…

36. Урокан ц1е: Терахьдош.

Урокан 1алашо: 1) 1аморан (обуч.) Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар. 2) Кхиоран (развив.) Хаа деза, терахьдош стенах олу, цо муьлхачу хаттаршна жоп ло; берийн тидам т1ебахийта беза морфологически билгалонашна.

3) Кхетам-кхиоран (воспит.) Дешаре болу безам к1аргбар. Урокан г1ирс: компьютер, учебник, сурташ.

 

 Урок д1айахьар.

 

Ι. Догдаийтаран мур Белхан меттигаш кийча хилар. Маршалла хаттар.

Берийн ойла дешарна т1ейерзор (мотиваци йар) Айхьа хьалхара элп олуш,

дешархошка дешнаш даладайтар).

11. Дешархойн долчу хаарийн актуализации йаран мур К1ира

К1ира - иза ду цхьа ц1енош,

Цу чохь хаза деха денош.

Хъалхарниг ду оршот-де,

Цунна уллохь шинар- де.

Кхаара ду йуккьехь дехаш,

К1ира декъар - цуьнан декхар.

Йеарин де уллохь ду -

Йеза суьйре цуьнца йу.                 

Оцу сарахь луш ду caг1a,

Мискачарна кхачош дакьа.

Деза де ду nlераска - Баккхийчарна, берашна.

Йолхалг1а чоь д1а а лаьцна,

Шотан де ду ирсе кхаьчна.

Ворх1алг1а ду к1иранде. (Ахмадов М.)

 

Байта йуккъехь терахьдешнаш ду. 1 Кхузахь билгалйина йу к1иранан денойн ц1ерш.

Хьалхара де - оршот ду,

Шолг1аниг - шинара,

Кхоалг1аниг - кхаара,

Доьалг1а де - йеара,

Пхоьалг1а де - п1ераска,

Йолхалг1а де - шот де,

Bopx1алг1a ду - к1иранде.

Хьуна хетарехь, стенах лаьцна дуьйцур ду урокехь?

Урокан темина дешархой т1ебигар.

Дешнаш т1ехь болх.

 

Терахь -1) дата; 2) математичес. грам. число; цхьаллин терахь-единственное число, дукхаллин терахь - множественное число.

 

111. Керла коьчал йовзийтар. Хьехархочун дош.

1амош йолу коьчал, терахьдош хьесапдаран башха г1ирс хилла ца 1аш, метган мехалла йу. Хьесапдарехь пайда оьцуш долу хьаьркаш дуьххьара 1арбаша йукъадаьхна.Терахьаш вай леладо халкъан бахамехь, экономнкехь, махлелорехь, хан-зама йустуш и. д. кх. а.

Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу. Терахьдашо маса? масалг1а? хаттаршна жоп ло.

 

 ТЕРАХЬДОШ

 

 Рог1аллин

 Масаллин

 

Дешархошка, масалш а даладойтуш, т1еч1аг1дойту. Масаллин терахьдешнашна йукъа дог1у: декьаран: цхьацца, пхиппа, диъ-диъ; гулдаран: ший а, ткье иссе а, вейтте а, вуьрх1итте а; билгалза-масаллин: цхьа-шиъ, пхи - йалх, иттех; эцаран: доьазза, уьтазза.

 

декъаран эцаран

 

 

       
   
 
 

 

МАСАЛЛИН ТЕРАХЬДОШ

 

 

 гулдаран билгалза-масаллин

 

 

 

Рог1аллин терахьдешнаша масалг1а? хаттарна жоп ло, масала: масалг1а? - шолг1а, пхоьалг1а, ворх1алг1а;

Шайн х1оттаме хьаьжжина, терахьдешнаш хуьлу цхъалхе а, чолхе а, х1оттаман а, масала: вopxl, б1е, цхьайтта, шовзткъе пхиъ.

Хьуна хетарехь, х1унда оьшу вайна терахьдош?

Тхан классехь дешархо______ву.

Дика доьшуш_______ву.

Т1ехдика доьшуш________ву.

Урок хуьлу _______ минотехь.

Перемена хуьлу_______минотехь.

Оцу хаттаршна жоьпаш луш муьлхачу къамелан декъах пайда оьцу?

1V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушдо № 75 шардар.

Хаттаршна жоьпаш луш кхочушдо шардар.

V. Урокан жам1 дар.

1. Тема ч1аг1йеш хаттарш ло.

2. Комментировать йеш оценкаш д1ах1иттайо.

V1. Рефлекси

Суна атта хеттарг…..

Суна хала хеттарг….

Суна хиира …….

1. Ц1ахь: § 14, 74-г1а шардар.


Приложения:
  1. file1.docx (102,3 КБ)
Опубликовано: 14.11.2024