Методическая разработка к уроку: Яшуркаев С. «Напсат» дийцар.»

Автор: Мусаева Лиана Руслановна

Организация: МБОУ «СОШ с.п. Бено-Юрт им. Героя А-Г. Завгаева»

Населенный пункт: Чеченская Республика, с.п. Бено-Юрт

Хьехархо-Мусаева Л.Р.

Урокан ц1е: Яшуркаев Султанан дийцар «Напсат».

Урокан тайпа: керланиг довзийтар.

Урокан г1ирс: Яшуркаев Султанан портрет, презентаци, 1амат, тептар.

Дешархочун 1алашонаш:

  • Яшуркаев Султанан кхолларалла евзар ю.
  • «Напсат» дийцаран чулацам схьабийца хуур ду.
  • Дийцаран коьрта маь1на билгалдаккха хуур ду.
  • Хуур ду муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш.

 

Хьехархочун 1алашонаш:

  • Яшуркаев Султанан дахаран а, кхоллараллин некъах болу хаамаш к1аргбар.
  • Даймахках,1аламах, доттаг1аллех йолу поэтан ойланаш йовзийтар;
  • Къоман г1иллакхашка безам кхоллар.
  • «Напсат» дийцаран чулацам бовзийтар. Яздархочун коьрта 1алашо билгалъяккхар.
  • Халкъан истори йовзийтар, мел халонаш т1ех1иттарх доьналлах, собарх, г1иллакхах ца доьхначу нохчийн къоман васт гайтар.
  • Даймахке безам кхиор.

 

Урок д1аяхьар

Эпиграф

Де доьхна 1аьржачу халоно хьовзийнчохь,

Мацалло б1арздина, г1елонна к1елдуьсчохь,

Бахамна, харцонна юьхь дуьхьал х1иттинчохь

Собарах, стогаллах ма довла боху цо.

/Мамакаев М. «Даймахке сатийсар»/

 

  1. Вовшахтохаран мур.
  • Маршалла хаттар.
  • Урокана оьшу г1ирс кечбар.
  • Ойла т1еерзор.

 

  1. Актуализаци яр.
  • Д1адеша лакхахь далийна дешнаш. Мила ву церан автор? (Авторан а, произведенин а ц1ерш йоху)
  • Шуна хезний баккхийчаьргара цу тайпана халонех лаьцна?
  • Вай тахана стенах лаьцна дуьйцур ду? (Урокан ц1е билгалйоккху)
  1. Керланиг довзийтар.

1. Гуобаьккхина 1аламо хазйинчу ламанан юьртахь Хорачохь вина Яшуркаев Султан 1942- чу шарахь, кхелхина 30-чу январехь 2018-чу шарахь.

Хинволчу яздархочун бералла д1аяхна хийрачу махкахь, генарчу Г1ум-Азин аренашкахь. Яшуркаев Султана шен бераллехь гинарг, лайнарг юкъадалийча санна хетало шен произведенешкахь. Яздархочо к1орггера маь1на долуш гайтина нохчийн халкъ махках даьккхинчу, 1944-чу шарахь лайна халонаш.

«Напсат» дийцар т1ехь, яздархочо гайтина шийлачу Сибрехахь мацаллий, халонашший лайна нохчийн халкъ дай баьхначу махка ц1аберза сатесна хиларх а, новкъадаларх а лаьцна.

Машарехьа, адамаллин оьздангаллехьа кхойкхуш, Даймахке болу безам г1иттош ю яздархочун произведенеш. Нохчийн халкъ махках доккхучу хенахь ши шо кхаьчна бер хилла яздархо, бералла атта ца хилла цуьнан. Яшуркаев Султана шен дийцарехь дешан говзаллица гойту нохчийн халкъо лайна халонаш.

2. «Напсат» дийцаран коьрта турпалхо иэсехь тилла йоккха стаг Напсат ю. Дуьххьара Напсатан васт а, и иэсах тилар гойту ядархочо, шозлаг1а цуьнан бахьана довзуьйту, кхозлаг1а Сибрехахь яьккхина хала зама гойту, доьалг1а и цу Сибрехахь йисар гойту.

Напсат дег1ана эг1аза а йолуш, хебаршка яхана юьхь а йолуш, т1ехь йоманаш летийна баккхийчеран коч ца хилча махо мас санна, д1ахьур йолуш санна хетало. Когаш берзина лела Напсат, уьш-м кхойтта шо хьалха шаьш ц1ера даьхчахьана бара берзина лелош. Юьхь т1ехь дукха хебарийн шад хиларна маса шо ду къаьстар дацара.

Иштта гойту яздархочо шен турпалхочун васт.

Напсатин карахь хьехан текх ду и цхьа текх доцург кхин х1ума яц цуьнан Дег1астанара д1аяьхьина. И текх карара охьа ца дуьллу, Напсата хьоьсту,

Хелхар деш карара охьа ца дуьллу, цуьнца къамелаш до,цу текхаца дечу къамелаца а гойту Напсата шена Даймахке ц1аерза лаар:

- Вайша ц1а доьдуш ма ду… Вайша динчу ц1а… Хьо дечигах динчу, со нанас йинчу ц1а…

Напсат иэсана талхар а тайп-тайпана дуьйцу наха. Цхьаболчара дуьйцура шен ц1ийнда а, шен ши к1ант Деникинца т1амехь велча телхина, вукхара Казахстане а ялийна ша охьатесчхьана телхина олура.

Дег1астанехь а кхин атта ца хиллера Напсатан дахар. Ши к1ант велча церан зударий маре г1о шайна аьлла д1абахийтинера Напсата. Церан доьзалш ша хьала кхиийнера цо, оццул хала ша кхиийна виъ к1ентан к1ант ша т1е а яхана, 1942-чу шарахь, шен лаамца т1ам т1е вохуьйту цо. Оццул доьналла долуш хилла Напсат. Амма 1944-чу шарахь шен к1ентан хеннара волчу салтичо, когаш берзина йолу ша «хьала дала г1ам» аьлла, ша машен т1е ластийча, Казахстане схьакхаччалц кхин йист ца хиллера иза.

Павлодарски областера Чушкала олучу юьртахь, март баттахь, хелхарца йоьссира когаш берзина Напсат. Наха шайн мачаш кхийдайора, амма Напсата схьа ца оьцура. Юьртахь 1аш болу казахаш а, г1ирг1изой арабевллера «обаргашка» хьажа. Цаьрга аьлла хиллера т1едалош дерш инзаре акхарой, обаргаш бу, ткъа гуш берш т1ехь я когахь йоцуш зударий, бераш, баккхийнах а бара. Казахаш цецбевлла лаьтташ хилла. «Х1окхара хьанна х1ун дина – те? Кхаьрга х1ун далур ду? Х1орш мозий санна, лийр ма бу», - бохург дара казахийн б1аьргаш чохь.

Цу б1аьргаш чохь долчух кхетча санна, Напсата хелхар долийра, и гина казахаш сихха юхабевлира, нохчий цхьана тишачу клуб чу бигира.

Напсат нахаца цхьаьна клуб чу ца яхара. Напсата цкъа каш доккху шена, неха кертара бел схьа а оьций каш чохь 1уьллу иза, ша Деле д1аэцар доьхуш. Ши буьйса яьлча хьалаг1аьттина юьрта йоьду и.

Напсат х1ун дууш, молуш 1а цхьанне а ца хаьара. Шега хаьттича, ша Сталина кхобуш ю, шен к1енташца 1аш ю ша олура цо. Цкъа шен делла бер д1адолла ваханчу Сайд1алис шайца 1ийр ю хьо, аьлла схьаялийча а ца 1ийра Напсат. Напсатин моьттура цу кешнийн кертахь шен к1ентий а, к1ентан к1ентий а бу. Барзнаш т1е куьг хьоькхуш, уьш лерана хьоьстуш лелара иза.

Нах Дег1астана ц1а баха пурба делча шайн г1ишлош, даьхний д1а а доьхкина

Аьчкан-некъа йистехь бутт сов хан яьккхира. Вовшашца къийсамаш лаьтта нохчийн. Цхьаболчара уполномочени ахча таса деза олу, вукхара схьа мах боцуш далийра бохуш оьг1азе бара, биснарш г1айг1ане 1ад1ара.

Мухха делахь а кхо-диъ де даьлча товарни вагонаш а елла адам шалон т1е доьттира. Напсат шалон т1е ца елира. Цуьнга дехарш дира, хьала ийзира, ша т1аьхьа йог1ур ю олура цо, шен к1ентий бита йиш яц.

Деган 1ат1къам беш дерзадо шен дийцар яздархочо:

- Со т1аьхьабог1учаьрца йог1ур ю… Напсатан кешнашкахь болчаьрца… Сайн к1енташца… Сталинера пурба даьккхина….

Напсатан аз дойуш, иза к1уьрлахь а юьтуш д1айолало ц1ерпошт.

  1. Дешнашца болх.
  • хьехан текх - шун (тарелка из липы);
  • йоманаш – кучана латина х1ума (заплатки);
  • шалонаш – вагоны, эшалоны;
  • г1айбин чкъуьйриг – наволочка;

Сада1аран минот.

 

  1. Т1еч1аг1дар.
  1. 1аматца болх бар. Дешархошка доьшуьйту дийцаран дакъош.
  2. Хаттаршна жоьпаш ло:
  • Х1ун ойланаш, синхаамаш кхоллабалийти шун Яшуркаев Султанан «Напсат» дийцаро?
  • Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?
  • Дийцаран турпалхочо х1ун те1аткъам бира шуна?
  • Напсат халкъаца ц1а ца йоьдуш Казахстанехь йисаран х1ун бахьана ду?
  • Яздархо шен дийцарца а, Напсатан вастаца а х1ун ала г1ерта?

(Напсатан вастаца авторо вайна гойту дохийна, охьата1ийначу халкъан иман, доьналла)

 

  1. Т1едахкарш:
  • Хьалхара т1едиллар.

1. Яшуркаев Султанан «Напсат» цIе йолчу дийцарехь хIун гайтина автора?

а) нохчийн гIиллакх-оьздангалла;

б) нохчийн шира Iадаташ;

в) махкаха даьккхинчу адамийн шайн цIа са латтар;

г) нохчийн Iадаташ;

2. Яшуркаев Султанан дахаран шераш … ду:

а) I902-I984;

б) I920-I979;

в) I899-I985;

г) 1942-2018.

3. Къамелехь адамийн синхаам кIарг а беш, хIума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух хIун олу?

а) эпитет;

б) эпиграф;

в) эпилог;

г) метафора;

4. Муьлха исторически хиламаш бу дийцаран бухехь берш?

а) 1917ш;

б) 1841ш;

в) 1944ш;

г) 1945ш;

5. Муьлха символически маь1на доллу Напсатан вастехь?

а) йоманаш летийна коч;

б) хьехан текх;

в) хелхар;

г) г1айбан чкъуьйриг;

  • Мах хадоран критереш:
  • Т1едиллар нийса кхочушдина – 3 балл;
  • Т1едилларехь цхьа г1алат далийтина – 2 балл;
  • Т1едилларехь ши г1алат далийтина – 1 балл.
  • Т1едилларехь шиннал сов г1алат далийтина – 0 балл.

 

  • Шолг1а т1едиллар.
  1. Кицанаш вовшахтаса:
  • Бу, мерза, мазал, мохк, вина.
  • Ц1а, ц1ен, шен, ц1а.
  • Вахна, воккхачо, цадинарг, аьлларг, бердах.
  • Хилар, лай, эвлахь, нехан, хуьлучул.
  • Доттаг1, ч1аг1о, бакъйолу, тешаме.

 

  • Мах хадоран критереш:
  1. Кицанаш нийса вовшахтесна– 3 балл;
  2. Кицанаш вовшахтосуш цхьа г1алат далийтина – 2 балл;
  3. Кицанаш вовшахтосуш ши г1алат далийтина – 1 балл;
  4. Кицанаш вовшахтосуш шиннал сов г1алат далийтина – 0 балл.

 

  1. Урокан жам1 дар.
  1. Хьехархочун дош.

Вайн халкъо цкъа а дицдийр дац 1944 - 1956–чу шерийн терахь. Кхойтта шо хан яьккхина цо хьомечу Даймахках хаьдда.

Хьоме дешархой, тахана вайна девзи Яшуркаев Султанан дахар а кхолларалла а, «Напсат» дийаран чулацам а.

  1. Дешархоша бинчу белхан мах хадор.

 

  1. Ц1ахь:
  • Аг1о 243-250 еша, чулацам схьабийца.
  • Дийцаран чулацамца доху сурт дилла.
  • Дешархойн хааршка хьаьжжина лур бу ц1ера болх

 

  1. Рефлекси.
  • Даймохк – бохучу дашна синквейн я кластер х1оттае.
  1. Даймохк.
  2. Хьоме, хаза.
  3. Ларбо, 1алашбо, беза.
  4. Хьомечу Даймахко ваха ницкъ ло.
  5. Нохчийчоь.

Кластер

 

 

Кхойтта шо, кхойтта шо зама,

Пхи эзар сов 1аьржа де,

Б1е эзар сов 1аьржа бала.

Кхи цхьанна ма бойла т1е.

/Рашидов Шаид/

 

1одика йойла шун, марша 1ойла!

Опубликовано: 15.10.2024